Новый клип на илли "Нана-Нашха", Сатуев Лёма.

Описание к видео Новый клип на илли "Нана-Нашха", Сатуев Лёма.

Нана Нашха-нохчийн ага,
Деза совг1ат Делера.
Хийла мостаг1чо хьо ягий,
Т1амца вог1ий арара.

Ерда- корта,Нахча хазе,
Яй лаьттина Моцкъара.
Ч1армах,Т1ийста, Г1ой, Хьижахка
Нах багийна Хьайбаха.

Яцеб- коьртан когашкара,
Сахадийна,ч1угъетташ,
Гих-хи дог1у Х1ийлахара,
Мокхаз даккъаш хедадеш.

Юькъа хьаннаш,бецан цанаш,
Т1улгийн лекха ламанаш.
Шира б1аьвнаш,маьлха кешнаш,
Шал а шийла шовданаш.

Турпал Нохчо кхузахь ваьхна
Нашхойн лаьттан да хила.
Дерриг нохчийн тукхум,тайпа
Кху махкара схьадаьлла.

Болат туьрах суьйнаш сана,
Керла мехкаш луьцуш схьа,
Дуьне ма-дду уьш баьржира
Дайн кхерч тесна,гена д1а.

Нана-Нашха,хьан сий дойла
Везчу Дала даима.
Адмех юзуш хьо денлойла,
Нохчийн къоман ирсана.

Комментарии

Информация по комментариям в разработке