Театр NAZMA_"ГIалартийн шозлагIа гуо (багонза бисинчийн назма)..."_Магомадов Майрбек

Описание к видео Театр NAZMA_"ГIалартийн шозлагIа гуо (багонза бисинчийн назма)..."_Магомадов Майрбек

✅Подписывайтесь, ставьте лайки, делитесь нашими видео. Таким образом вы помогаете не только в продвижении каналов, но и в популяризации чеченской культуры.

✅По вопросам сотрудничества обращаться по электронному адресу [email protected]

✅Наш основной канал
   / @nazma-studio  

✅Финансовая помощь проекту NAZMA. Деньги будут целенаправленно использованы для развития чеченской культуры.
https://www.paypal.com/paypalme/NAZMA...

✅Наш второй канал
   / @malikaguno  

✅Мы в соцсетях:

фейсбук
https://www.facebook.com/profile.php?...

инстаграм
  / isa_keloev  

одноклассники
https://ok.ru/nazma.studio

📌📌📌

Хьомсара махкахой! Оха шун тидаме юьллу NAZMA студин "Театр NAZMA" цIе йолу проект. Байт йоьшург ву Магомадов Майрбек, Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу театран актёр.

ГIалартийн шозлагIа гуо
(багонза бисинчийн назма)

Iуьйренаш, шу марша Iойла,
Суьйренаш, шу марша Iойла,
Тхо дIадоьлху ДегIастана,
Сийна Сибрех, марша Iойла.

Малх схьакхеташ хилла Сибрех,
Малх чубузуш хилла Сибрех,
Лаьттан кийрахь, кешнех хьоьгуш,
Тхан дай буьсу шийла Сибрех.

Малх схьакхеташ Даймохк бу тхан,
Малх чубузуш Даймохк бу тхан,
Сийсазйина кешнийн керташ,
Тхоьга кхойкхуш Даймохк бу тхан.

Доза доцу шуьйра Сибрех,
ЧIагIо йоцу хийра Сибрех,
Хьуо елхийна миска наной,
Тхан дIаэцна шийла Сибрех.

Доза доьхна Даймохк бу тхан,
ЧIагIо йоьхна Даймохк бу тхан,
Акхадевлла лаьмнаш херцаш,
Тхуна боьлхуш Даймохк бу тхан.

Тхо, тхаьш лайнарг, лайна девли.
Тхайна гинарг, гина девли.
Дела воцург накъост воцуш,
ХIокху хене тхо ма девли.

Лан йисина марзо ю тхан,
Ган дисина лаьмнаш ду тхан,
ДегIастанан хьаннийн кийрахь,
ХIотто езаш маршо ю тхан.

Iуьйренаш шу оха йити,
Суьйренаш шу оха йити,
Кхин ца лела чIагIо йина,
Сийна Сибрех оха йити.

Бисултанов Апти

Комментарии

Информация по комментариям в разработке