127. Духьа ламаз мух дан деза, из дича хIу йал хуьла ? Абу Халид.

Описание к видео 127. Духьа ламаз мух дан деза, из дича хIу йал хуьла ? Абу Халид.

🌼 Духьа ламаз 🌼

☑️ Духьа ламаз дар вуно чIогIа деза а, мелехь а ду, вайн догIмийн хIора хIуттургах дала деза сагIа тIерадоккхург ду иза, хьадисехь деана ма-дарра.

▪️Куц:
Дагахь духьа ламаз дан аьлла ният хир ду;
Лаххара барам 2 ракаlат, лаккхара барам 8 ракаlат, хlора ши ракаlат дlадаьлча салам а луш.

▪️Хан:
Малх схьакхеттачул тlаьхьа 10-15 минот яьлча дуьйна делкъа хан хила цхьа пхи минот йиссалц.

☑️ Духьа ламаз Пайхамара (ﷺ) лардарца весет дина ламаз ду.

▪️Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:
“Сан доттагIчо (Пайхамара) суна весет дира кхаа хIуманца: хIора баттахь кхаа дийнахь марха кхабарца а, духьа ши ракаIат ламаз дарца а, сой дIавижале витр-ламаз дарца а”.
Муслим: 721

☑️ Духьа ламаз Деле боьрзучеран ламаз ду.

▪️Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (ﷺ) элира аьлла:
"Духьа ламаз лардийр дац даим Деле воьрзуш волчо бен, иза Деле боьрзучеран ламаз а ду”.
Сахьи́хь ал-Жа́миI: 7628

☑️ Духьа ламаз дар йоккха хIонс яккхарал деза ду.

▪️Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: “АллахIан Элчано (ﷺ) тIаме цхьа тоба яхийтинера, тIаккха цара йоккха хIонс еара, тIелатар дукха сиха а динера цара. Цхьана стага элира: “ХIай АллахIан Элча! ХIокху тобанал сиха тIелатар дина а, йоккха хIонс еана а кхин тоба гина яц-кх вайна!” АллахIан Элчано (ﷺ) элира: “Ас вийци шуна церал сиха тIелатар динарг а, кхин а йоккха хIонс яьккхинарг а? Эца ма-дезза дика ламаз а эцна, тIаккха маьждиге а вахана, цу чохь Iуьйра ламаз а дина, тIаккха цул тIаьхьа (шен хенахь) духьа ламаз динчо тIелатар сих а дина, йоккха хIонс а яьккхина”.
ас-СилсилахI ас-Сахьи́хьахI: 2531

☑️ Ӏуьйранна духьа ламаз динчунна АллахIа тоам бийр бу массо хIуманна.

▪️АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: “Нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа бах: “ХIай Адаман кIант! Де дIадолалуш диъ ракаIат ламаз де Суна, Ас цаьрца дийнан чаккхенна тоам хуьлуьйтур бу хьуна”.
Тирмизий: 475

☑️ Iуьйра ламаз динчул тIаьхьа духьа ламазан хан тIекхаччалц маьждигехь а Iийна иза динчунна мел бу хьаж а, Iумрат а динчунна санна.

▪️АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: “ЖамаIатехь Iуьйра ламаз а дина, тIаккха АллахI хестош духьа ламаз даллалц маьждиг чохь сецнарг – цунна цунах мел хир бу кхоччуш, кхоччуш, кхоччуш хьаж а, Iумрат а динчунна санна”.
Сахьи́хь ат-ТаргIи́б: 464

☑️ Адаман дегIан хIуттургашна хIора денна тIедожийна долу сагIа кхочуш хуьлу духьа ламаз дарца.

▪️Абу Зарра (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (ﷺ) элира аьлла: “ХIора Iуьйранна шун хIора хIуттургана тIе сагIа дужу. Ткъа хIора тасбихь дар (субхьа́наллахI алар) сагIа ду, хIорозза АллахI хастор (алхьамдулиллахI алар) а сагIа ду, хIора “ла́ила́хIа иллаллахI” алар а сагIа ду, хIора такбир (АллахIу акбар) алар а сагIа ду, диканиг де алар а сагIа ду, вониг ма де алар а сагIа ду. Ткъа цунна тоам бийр бу духьа хенахь динчу шина ракаIато”.
Муслим: 720

▪️Абу Бурайдата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: “Суна хезира АллахIан Элчано (ﷺ) олуш: “Адаман дегIехь кхо бIе кхузткъа хуттург ю. Ткъа цунна тIехь ду оцу хIора хуттургана тIера сагIа далар”. Асхьабаша элира: “Хьенан кхочур бу и дан ницкъ, хIай АллахIан Элча?”. Цо элира: “Маьждиг чохь йолу шатт ахь дIаяккхар а сагIа ду, некъа тIера (новкъа йолу) хIума ахь дIаяккхар а сагIа ду, ткъа нагахь санна хьан ницкъ ца кхачахь – духьа шина ракаIато тоам бийр бу хьуна цунна”.
Абу́ Да́ву́д: 5242

▪️Имам Iабдур-Рахьи́м Ал-Iира́къийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) бах, оцу хьадисан маьIна деш: Оцу хьадисехь гойтуш ду духьа ламазан доккха дозалла, цо гойту и ламаз кхо бIе кхузткъа диканан меттина хуьлуш хилар.
Ибн Iабдил-Барра аьлла: Духьа ламазан дозалла гойтуш долу уггар кхачаме хIума ду иза.

Комментарии

Информация по комментариям в разработке