БЕТЕЛЬГЕРИЕВ Хьуьсен - Дашо гIаргIулеш

Описание к видео БЕТЕЛЬГЕРИЕВ Хьуьсен - Дашо гIаргIулеш

Ас хьан чIабанех гIайгIа юцур ю,
КIайчу говрана туьйра дуьйцур ду,
Гуьйре тийжачу нохчийн аренгахь
Дашо гIаргIулеш новкъа йохур ю.

Ас хьан бIаьрхих цхьа илли доккхур ду,
Юьртан йисттехь цхьа ирзу доккхур ду,
Муьрг цIийх Iеначу нохчийн хьаннашкахь
Дуьне къинтIера сайна доккхур ду.

Ас хьан бIарлагIех гIала юттур ю,
Хилларш, лайнадерш сица луьттур ду,
Iаьно къарйинчу нохчийн ярташкахь
Цхьа-цхьаъ дахарна дуьхьал хIуьттур ву.

Хаза хилла хьо кхин а хазлур ю,
Цхьалла лайна со къинойх цIанлур ву,
Вайшиъ декъалдан, лаьттан Iаьнарлахь
КIайчу говро шен туьйра дохьур ду.

Дашо гIаргIулеш цIехьа йоьрзур ю,
Цара гIабали хьуна йохьур ю,
БIаьсте йоьлучу нохчийн лаьмнашкахь
Ас хьан чIабанех сайн ирс дуцур ду.

БИСУЛТАНОВ Апти

Комментарии

Информация по комментариям в разработке