Iалйа Исхьакъ Шишани – Иорданера НОХЧИ (Кело)

Описание к видео Iалйа Исхьакъ Шишани – Иорданера НОХЧИ (Кело)

Иорданера нохчий шайн дахарехь гуттар а ненан меттан сийдеш лелла.Вай ваьш бицбеш, ца буьйцуш, оьрсийн маттаца иэбеш, сийсазбаьккхина, дуккха а билгалонаша дуьнен тIера дIабала кхерам хиларна тоьшалла деш болчу вайн ненан маттана генара новкъадаьлла орца ду царна иза хаар. БIе шо сов хьалха шайн дай Нохчийчохь Iар доцург, шаьш цкъа а Нохчийчохь хилла а боцу вайн къоман векалш бу тахана нохчийн маттах дог лозуш. Вайна санна школашкахь а, университеташкахь а хьехна бац царна ненан мотт, вайна санна дийнахь а, буьйсанна а чохь а, арахь а – ког баькх-баьккхинчохь – хезаш а бац царна иза, хIетте а, цIена нохчийн дегнаш шайн хиларе терра, нохчалла Iалашйина цара. Нохчалла цара Iалаш ца йинехь, нохчийн мотт хуур бацара царна. Таханлерчу дийнахь Нохчийчохь дина а, кхиъна а, кхузахь Iаш а долчу вайна нохчаллин масал хилла дIахIитта хьакъ бу и нах.

Комментарии

Информация по комментариям в разработке